Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Юха и дашо беттанаш ийпадан гураш тІехь дІанисдира цара, Везачу Эло Мусана тІе-ма-диллара. Цу тІулгаша Далла исраилхой дагахь латтор бара. Юха, ийпад санна, деших а, сийначу а, сирла-цІечу а, таьІна-цІечу а эхангах а, дуткъачу кІадих а некха тІе уллу беза тІоьрмаг бира цара. Багийначу наха еана йолу и цІестан нойш динан дас ЭлиІазара схьаийцира. Уьш, йоха а йина, шар а йина, кхерчана тІейилла кечйира цара, Исраилан халкъана билгалонна хилийтархьама, Везачу Эло цуьнга Мусагахула аьлла ма-хиллара. Иза динера АхІаронан хІух воцучу цхьана а стаге Везачу Элана хьалха хаза хьожа йогІу сегІаз дагадайтархьама, Кхорахьна а, цуьнан нахана а хилларг шена ца хилийтархьама. АхІарон! Хьан а, хьан кІентийн а бен бакъо яц динан дайн санна, сагІа доккхучу кхерчаца а, кирхьанна тІехьа долчуьнца а доьзна долу гІуллакх дан. Аса динан дай болчу шуна цхьа беза болх кхочушбан бакъо ло, ткъа шух воцург и гІуллакхаш кхочушдан дагахь цхьаъ тІегІортахь, иза вуьйр ву». Ткъа Іамраман ши кІант вара: АхІарон а, Муса а. АхІарон а, цуьнан тІаьхье а гуттаренна а къастийнера Дала, цаьрга уггар деза гІуллакхаш кхочушдайтархьама. Царна тІедиллина гІуллакхаш хІорш дара: Везачу Элана хьалха хаза хьожа йогІу кІур баккхар а, Цунна Іамал яр а, Цуьнан цІарах адамаш декъалдар а. Цхьа а шен лаамца хІуттур вац динан коьрта да. Дала тІекхайкхина хила веза иза, АхІарон санна.
Выбор основного перевода