Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Цу кхерчана тІехь АхІарона хаза хьожа йогІу хІума ягор ю. ХІора Іуьйранна, къуьданаш цІандечу хенахь, цу кхерчана тІехь хаза хьожа йогІу хІума яго еза АхІарона. Цу стоьла тІехь Суна хьалха гуттар а Суна лерина бепиг латтаде». «КІен дама схьа а эций, цунах шийтта бепиг датта, хІора баьпкана цхьа сахь дама хьакхаде. Везачу Элана хьалха гонах цІена деши лаьцначу стоьла тІе шина могІарехь, ялх-ялх а дуьллуш, охьадахка и баьпкаш. ХІора могІарехь хаза хьожа йогІу сегІаз а охьадилла, баьпкан метта Везачу Элана лерина цІера тІехь доккхучу сагІина хир ду иза. Дерриг а бепиг Везачу Элана сагІина дІаделла хиларан билгало хир ю иза. ХІора шоьтан дийнахь исраилхойн метта динан дас Везачу Элана хьалха дахка деза и баьпкаш. Иза гуттаренна а болу барт бу. Цаьрга иштта дІаала: „ЦІера тІехь аша Везачу Элана лерина даккха дезаш долу сагІа хІара ду: хІора денна бан беза дийнаташ дагоран сагІина лерина шо кхаьчна болу шайна тІехь цхьа а сакхт доцу ши боьрша Іахар. Цхьа Іахар Іуьйранна баго беза, шолгІаниг – суьйранна. ХІора сагІанца кІен сагІина лерина дан деза шех хІинан доьалгІа дакъа тоьлла долчу зайтдаьттанца эдина долу бархІ кад тоьлла дама. Иза ду хІора дийнахь доккху дагоран сагІа, Синай-лома тІехь долийна долу. Иза цІера тІехь даьккхина сагІа ду, ткъа цуьнан хьожа Везачу Элана тамехь ю. Иштта дийнаташ дагоран сагІа доккхучу хенахь чагІаран сагІа а даккха деза. ХІора Іахарца цхьаьна дан деза хІинан доьалгІа дакъа долу чагІар. Иза Везачу Элана лерина сагІа ду, езачу меттехь дотта деза иза. Шаьш Іуьйранна доккхуш ма-хиллара, суьйранна а даккха деза аша дагоран сагІа, шолгІа Іахар а багош, цуьнца цхьаьна кІен сагІа а, чагІаран сагІа а доккхуш. Иза хир ду Везачу Элана тамехь йолу хьожа йохуьйту цІера тІехь даьккхина сагІа“». «Далла леринчу шоьтан дийнахь а бан беза шо кхаьчна болу ши боьрша Іахар, шайна тІехь цхьа а сакхт доцуш болу. Цуьнца цхьаьна кІен сагІина лерина дан деза зайтдаьттанах эдина долу ялхитта кад тоьлла кІен дама а, цуьнца цхьаьна чагІаран сагІина лерина чагІар а. ХІора дийнахь доккхучу сагІина а, цуьнца догІучу чагІаран сагІина а тІетоьхна дохуш долу Далла леринчу шоьтан деношкахь шатайпа доху дагоран сагІа ду иза». «ХІора беттан хьалхарчу дийнахь Везачу Элана лерина дийнаташ дагоран сагІанаш даха. Иштта дийнаташ дан деза аша: шайна тІехь цхьа а сакхт доцу ши старгІа, цхьа ка, шо кхаьчна болу ворхІ боьрша Іахар. Везачу Элан цІе язъян лерина долу цІа а, шена лерина долу паччахьан цІа а дан сацам бира Сулима.
Выбор основного перевода