Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Кхин кхузткъе итт эзар стаг деза кира лелош а, везткъа эзар стаг лаьмнашкахь тІулг боккхуш а вара Сулим-паччахьан. Уьш боцурш кхин а кхо эзар кхо бІе хьаькам вара оцу белхаш бечу нахана тІе хІоттийна, царна а, цара бечу балхана а тІехьожуш. Царах кхузткъе итт эзар кира лелорхо а, везткъа эзар лаьмнашкара тІулг баккхархо а, и халкъ балхана тІедерзадайта кхо эзар ялх бІе тІехьожуш волу стаг а билгалваьккхира Сулима. Исраилан халкъ доцург, кхин адамаш а дара цигахь. Уьш дара хьетахойн а, эмархойн а, перезахойн а, хьаьвихойн а, явсайхойн а, тІаьхьенех дисина адамаш, исраилхоша хІаллак ца деш дитина долу. Царах Сулим-паччахьо белхаш беш болу леш бинера. Уьш тахханалц леш бу.
Выбор основного перевода