Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
ТІаккха Сулим-паччахьо уьш юхахьовсийра, Хьирам-паччахье ала дезарг дІа а олуш: «Хьуна хууш ду, шен Везачу Делан цІе язъян лерина долу цІа дІахІоттадойла ца хилира сан ден Даудан. ХІунда аьлча цуьнан тІом бан дийзира гобаьккхина долчу халкъашца, Везачу Эло, толам а баккхийтина, мостагІий когаш кІел охьабахккалц. Ткъа хІинца сан Везачу Дала синтем белла суна массо а агІор. ХІинца бац я мостагІий, я кхин дуьхьало ян а хІумма дац. Иштта, хІинца сайн Везачу Делан цІе язъян лерина долу цІа дан сацам бира ас, Везачу Эло сан дега Дауде ма-аллара. Везачу Эло цуьнга аьллера: „Аса хьан метта паччахьан гІанта тІе охьахаор волчу хьан кІанта дІахІоттор ду Сан цІе язъян лерина долу цІа“. Ткъа ахьа омра дехьа, Ливанун-махкара баганан дитташ суна хедадайта. Сан ялхоша хьан ялхошца цхьаьна болх бийр бу. Ткъа аса ахьа хІоттор боллу мах дІалур бу хьан ялхоша бийр болчу балхах, хІунда аьлча тхан бац шун цІаданхой санна болу дика дечиг-пхьераш». Хьирам-паччахьо, шена Сулим-паччахьан и дешнаш хезча, чІогІа хаза а хетта, элира: «Баркалла ду Везачу Элана, Цо Даудана иштта хьекъал долуш кІант валарна, оцу сийлахьчу халкъана тІехь цуьнга олалла дайтархьама!» ТІаккха Хьирам-паччахьо ялхой бахийтира Сулим-паччахье дІаала: «Аса ладуьйгІира ахьа дечу дехаре. И хьан диттех лаьцна болу лаам ас кхочушбийр бу. Баганан дитташ а, зоьзан дитташ а доуьйтур ду ас хьуна. Сан ялхоша, Ливанун-махкара дІа а даьхьна, хІордана тІе дахьар ду уьш, цигара дІа ас бурамашца кхачадойтур ду уьш кхачо деззачу меттиге, цигахь тІекІел а дохкуш. ТІаккха аша уьш цигара схьаоьцур ду. Амма ахьа а кхочушбе сан лаам, сан цІенна оьшуш болу кхача боуьйтуш». Иштта Хьирам-паччахьо, шега Сулим-паччахьо ма-деххара, баганан дечиг а, зоьзан дечиг а латтайора. Ткъа Сулим-паччахьо бІе эзар гали кІа а, цхьа эзар биъ бІе чами тоьлла долу зайтдаьтта а дохьуьйтура хІора шарахь Хьирам-паччахьан цІахь мел волчунна. Цора-гІалин паччахьо Хьирама геланчаш хьажийна хилла Даудана тІе, цаьрца баганан дечиг а дохьуьйтуш, тІулг буттурш а, дечиган пхьераш а бохуьйтуш, цаьрга Даудана паччахьан цІа дайтархьама.
Выбор основного перевода