Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
«Ас хаьржира ЯхІудан тІаьхьенах волчу Хьоран кІентан Урин кІант Бацалиал. Ас иза Делан Синах вуьзна. Муьлхха а хІума ян похІма а, говзалла а, хаар а Ас делла цунна: говзачу куьцан хьесап дан а, и куц деших а, детих а, цІастанах а дан а, дезачу тІулгах а, дечигах а хІуманаш кечъян а, мел болу говза болх бан а. Данан тІаьхьенах волу Ахьисамахан кІант ОхІлиаб велира Ас цунна гІоьнна. ХІора пхьерана Ас хьекъал а, говзалла а делира, Айса хьуна тІедиллинарг цаьрга кхочушдайта. ТІаккха Цора-гІалара Хьирам цІе йолу стаг схьавалавайтира Сулим-паччахьо. Иза йисина Іаш йолчу цхьана зудчун кІант вара. Напталан тІаьхьенах яра и зуда. Хьираман да цорахо вара. Хьирам ша цІестан пхьар вара. ЦІастанах муьлхха а хІума ян говзалла а, похІма а дара цуьнан. Сулим-паччахь волчу а веана, и дерриг а гІуллакхаш кхочушдира Хьирама.
Выбор основного перевода