Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
РахьбуІам паччахь волу пхоьалгІа шо долуш, Мисар-мехкан паччахь волу Шушакх Ярушалаймана тІелетира. Везачу Элан цІа чуьра а, паччахьан цІа чуьра а ерриге а еза хІуманаш дІаяьхьира цо. Сулим-паччахьо дайтина дашо турсаш а цхьаьна, дерриг хІума а дІадаьхьнера. Церан метта РахьбуІам-паччахьо цІестан турсаш дайтира. Уьш паччахьан цІийнан ков лардечу гІаролхойн хьаькамийн караделира. Паччахь хІоразза а Везачу Элан цІа чу волуш, гІаролхоша и турсаш схьаоьцура. Цул тІаьхьа гІаролхойн цІа чу шен метте охьадохкура цара уьш. ТІаккха туьйсинчу деших дина ши бІе доккха турс а дайтира Сулим-паччахьо. ХІора турсана ялх бІе шекхал туьйсина деши дахнера. Иштта кхин а кхо бІе кегий турсаш дайтира цо, хІора турсана кхо бІе шекхал туьйсина деши а дуьллуш. Туьйсина деших дина и турсаш «Ливанун-мехкан хьун» олучу цІенош чу дІахІоттийра Сулим-паччахьо.
Выбор основного перевода