Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Сулим-паччахьан кІант РахьбуІам яхІудхойн паччахь вара. РахьбуІам паччахь хилла дІахІуттуш цуьнан шовзткъе цхьа шо дара. Везачу Эло, Шен цІе язъяйтархьама, Исраил-мехкан гІаланашна юкъара схьахаьржинчу Ярушалайм-гІалахь вуьрхІитта шарахь паччахьалла дира цо. РахьбуІаман ненан цІе НаІмат яра. Иза Іамминхо яра. Ткъа хІинца Ярушалайм-гІала схьахаьржина Аса, Сайн цІе язъян лерина цІа цигахь хилийта, ткъа Дауд хаьржина Аса, Сайн Исраилан халкъана тІехь олалла дайта“. Ахьа Хьайн цІе кху чохь хир ю аьллачу хІокху цІенна тІе боьгІна хуьлийла Хьан бІаьргаш дийнахь а, буса а! ЛадугІийла Ахьа Хьан лай волчун доІане, иза, хІокху меттехьа а вирзина, Хьоьга кхойкхучу хенахь.
Выбор основного перевода