Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
РахьбуІам Ярушалаймехь вехаш вара. ЯхІуд-махкарчу гІаланашна чІагІонаш яйтира цо. Иштта Байтлахам а, ІайтІам а, ТакхоІ а, Байт-Цур а, Соха а, Іадулам а, Гати а, Мареша а, Зип а, Адорайм а, Лахиш а, Іазекхи а, ЦорІа а, Айлон а, Хьеврон а гІаланаш чІагІйира РахьбуІама. ЯхІуд-махкахь а, Бен-Яман-махкахь а уьш чІагІйина гІаланаш яра. Церан лардаран таронаш чІагІ а йина, царна тІехь хьаькамаш а хІиттийна, кхача, даьтта, чагІар чохь латто гІишлош нисйира РахьбуІама. ХІора гІалина турсаш а, гоьмукъаш а делла, кхачам боллуш чІагІйира цо и гІаланаш. РахьбуІаман карахь дара ЯхІудан а, Бен-Яманан а тайпанаш.
Выбор основного перевода