Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
ШамІа-ЯхІу цІе йолчу Делан стаге Дала элира: РахьбуІаман кхидолчу гІуллакхех а, цо мел динчух а лаьцна яздина ду ЯхІудхойн паччахьийн тептар тІехь. РахьбуІамна а, ЯрбаІамна а юкъахь ца соцуш тІом лаьттира. Аби-ЯхІу ваьхначу ерриге а заманахь РахьбуІамна а, ЯрбаІамна а юкъахь тІом лаьттира. Сулим-паччахьо динчу хІуманех лаьцна – дуьххьарлерачунна тІера тІаьххьарлерачунна тІекхаччалц – яздина Ната-пайхамаран тептарш тІехь а, шилунхо волчу АхьъяхІуга Делера болчу хаамашкахь а, НабатІан кІантах ЯрбаІамах лаьцна Делера дерг гуш волчу ЯІду-пайхамарна дуьхьал хІуьттучу суьрташкахь а. Аби-ЯхІун кхидолчу хІуманех лаьцна – цо мел лелийначух а, цо мел аьллачух а лаьцна – яздина ду Іиду-пайхамаран хьехамечу тептар тІехь.
Выбор основного перевода