Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
«Гой хьуна, Ахьаба Суна хьалха ша мел лахара хетийтира? Суна хьалха цо ша лахара хетийтарна, иза вехачу ханна бохкуьйтур бац Аса цунна тІе баланаш. Ахьабан кІант вехачу заманахь цуьнан цІенна тІе балор бу Аса и баланаш». Сан долахь долу халкъ Суна муьтІахь хилла, доІанаш деш, Соьгахьа дерзахь, шайн харц некъаш тІера дІа а далахь, тІаккха стигалахь хезар ду Суна Сайн халкъан аз, цуьнан къиношна геч а дийр ду Ас, цуьнан латта а тодийр ду Ас. Делахь а, хьох диканиг доллуш а карийна Цунна, хІунда аьлча, ЯхІуд-махкара Ашера-далла лерина долу дечиган бІогІамаш дІа а даьхна, хьайн дог Дела лахарна тІедерзийна ахьа».
Выбор основного перевода