Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Ткъа Сулим-паччахь ЯрбаІам вийна дІаваккха лууш вара. ТІаккха ЯрбаІам Мисар-махка дІаведира. Иза, Мисар-мехкан паччахь волчу Шушакхана тІе а вахана, Сулим-паччахь дІакхалххалц Мисар-махкахь Іийра. Оцу махкахь а бара цІуйн дуьхьа сийсаза лелаш болу «базбина» божарий. Везачу Эло Исраилан халкъана хьалхара дІалелхийначу наха мел лелийна дегаза гІуллакхаш леладора яхІудхоша а. РахьбуІам паччахь волу пхоьалгІа шо долуш, Мисар-мехкан паччахь волу Шушакх Ярушалаймана тІелетира.
Выбор основного перевода