Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шен эскар Дауда кхаа декъе дийкъира. Цхьа тоба, Йоаб коьртехь а волуш, дІахьажийра цо. ШолгІа тоба – Йоабан ваша волчу Царуятан кІант Абушай коьртехь волуш. Ткъа кхоалгІа тоба гатихо волчу Итица дІаяхийтира. Паччахьо гулбеллачаьрга элира: «Со а вогІур ву шуьца». Амма наха цуьнга элира: «Хьо тхоьца ма вола. Тхо дІадовдуш хилахь а, цхьаммо а тидам бийр бац тхан. Тхох нийсса ах хІаллакьхилахь а, иштта тидаме оьцур дац. Ткъа хьо цхьаъ – итт эзар стеган метта ву. Цундела, хьо гІалахь а сецна, цигара тхо долчу ахьа гІо даийтича гІолехь ду». Сулим-паччахьан кІанте пачхьалкхан цхьа дакъа лур ду Ас олалла дан, и латта Сайн лен Даудан карахь хилийта а, Аса Сайн цІе язъяйта хаьржина йолчу Ярушалайм-гІалахь Сайна хьалха цуьнан тІаьхьенах волчуьнга олалла дайта а. Иза иштта делахь а, Даудан дуьхьа цуьнан Везачу Дала цунна Ярушалаймехь йолу тІаьхье елира. Цул тІаьхьа паччахь хилийтархьама, Дала цунна кІант велира, ткъа Ярушалайм-гІала Дала чІагІйира. Делахь а Везачу Элана, Шен ялхо волчу Даудан дуьхьа, ЯхІудан халкъ хІаллакдан ца лаьара. Цуьнан тІаьхьенна гуттаренна а паччахьалла дар лур ду аьлла, Даудана чІагІо ма йинера Везачу Эло. Цигахь Даудан цІа Аса сийлахь хуьлуьйтур ду, Айса къобалвинчунна стогар дІахІоттор бу.
Выбор основного перевода