Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Іаханна а, цуьнан доьзална а тІехь тІулгех боккха барз бира наха. И барз тахана а лаьтташ бу. Цул тІаьхьа Везачу Элан оьгІазалла яйъелира. Тахана а цу меттигах Іахур-тогІи олу. ЦелаІ, Элеп, Явсай (я кхечу тайпана Ярушалайм), ГебаІ, Кхиръят-ЯІарим – ейтта гІала шайн ярташца. Иштта дара Бен-Яманан тайпанан дакъош. Цигахь Дауда Везачу Элана лерина долу сагІа доккху меттиг кечйира. Цо цигахь дийнаташ дагоран а, бертан а сагІанаш а дехира. Везачу Эло цуьнан доІанна жоп делира, Исраилан халкъана тІера ун дІа а даьккхира.
Выбор основного перевода