Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
цхьаьна гулбелира ЮшаІана а, исраилхошна а дуьхьал тІаме бовла. Амма ГавІон-гІалин бахархой, Ерихон а, ГІай а гІаланашна ЮшаІа динарг а хезна, хІиллане бевлира. Царах масех стаг генарчу махкара богІу геланчаш санна кечвелира, эттІа бедарш а, тишъелла, йоманаш летийна мачаш а юьйхина. Шайн варрашна тІе тишделла галеш а, йоманаш летийна пІаьлдигаш а дехкира цара. Шайца схьаэцна бепиг декъа а, матардоьлла а дара церан. хІиллане бевлира. Царах масех стаг генарчу махкара богІу геланчаш санна кечвелира, эттІа бедарш а, тишъелла, йоманаш летийна мачаш а юьйхина. Шайн варрашна тІе тишделла галеш а, йоманаш летийна пІаьлдигаш а дехкира цара. Шайца схьаэцна бепиг декъа а, матардоьлла а дара церан. Галгал олучу меттехь болчу исраилхойн меттаматте а баьхкина, цара ЮшаІе а, исраилхошка а элира: «Тхо вуно генарчу махкара даьхкина, тхоьца барт бахьара аша». Амма исраилхоша элира хьаьвихошка: «Шу тхуна юххехь Іаш хила а мега. Оха муха бийр бу шуьца барт?» Цу наха ЮшаІе элира: «Тхо хьан леш ду». ЮшаІа цаьрга хаьттира: «Шу муьлш ду? Мичара даьхкина шу?» Цара жоп делира: «Вуно генарчу махкара баьхкина хьан леш хьан Везачу Делан дуьхьа, хІунда аьлча тхуна хезна Цуьнан сийлаллех, Цо Мисар-махкахь динчух лаьцна а Иштта тхуна хезна Йордан-хил дехьарчу, малхбалерчу агІонера эмархойн шина паччахьна – Хьешбон-гІалин паччахьна Сихьонна а, Іаштаратехь Іаш хилла волчу Башанан паччахьна ІовгІина а динчух лаьцна а. Тхан къаноша а, тхан махкара массо а бахархоша а элира тхоьга: „Новкъахь шайна даа бепиг схьа а эций, царна дуьхьал а гІой, дІаала цаьрга: ‘Тхо шун леш ду, тхоьца барт бахьара аша’“. ХІара бепиг оха тхайн цІеношкара, довха а долуш, схьаэцна ду шу долчу догІучу дийнахь, ткъа хІинца иза дакъа а делла, матар а доьлла. Оха чагІар чудуттуш керла хилла долу пІаьлдигаш хІинца эттІа. ХІара тхан бедарш а, мачаш а, беха некъ оха барна, тишъелла». Исраилхоша схьаийцира цаьргара кхача, амма Везачу Элах дага ца бевлира уьш цу хьокъехь. Цаьрца машаран барт а бина, царна бохам бийр бац аьлла, чІагІо йира ЮшаІа. Исраилхойн тхьамданаша а чІагІо йира царна. И барт бина кхо де даьлча, исраилхошна хиира, и нах шайн лулахой буйла а, уьш шайна уллохь Іаш буйла а. ХІунда аьлча новкъа бевлла боьлху исраилхой кхозлагІчу дийнахь церан гІаланашка кхечира. Цу гІаланийн цІераш яра: ГавІон, Капира, Баировт, Кхиръят-ЯІарим.
Выбор основного перевода