Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цул тІаьхьа ГІазар-гІалахь пІелаштамхошца тІом дІаболабелира. Цигахь хьушатхо волчу Субахис турпалш болчу репахойн тІаьхьенах волу Сипай вийра. ТІаккха уьш муьтІахь хилира исраилхошна. ТІаьхьо кхин а цхьа тІом хилира пІелаштамхошца. Цигахь ЯІиран кІанта Элхьанана гатихо волчу ГІолиатан ваша Лахьми вийра. Цуьнан гоьмукъа тІера гІаж кІадидархочо болх бечу хенахь лелош йолу еха гІаж санна яра. Гати-гІалахь кхин а хилира тІом. Цигахь цхьа инзаре лекха стаг вара. Цуьнан куьйгийн а, когийн а ялх-ялх пІелг бара. Уьш берриш а ткъе биъ пІелг бара. И стаг а турпалш болчу репахойх схьаваьлла вара. Иза, исраилхойх лаьцна вон бага етташ, луьйш вара. И репахо Даудан вешин ШимІин кІанта ЯхІунатас вийра. И кхо стаг Гати-гІаларчу турпалш болчу репахойн гаранах схьаваьлла вара. Уьш Даудан а, цуьнан эскархойн а карах белира. хьушатхо волу Субахи, ахьохьахо Іилай, БорхІалгІачу баттахь – борхІалгІаниг вара Зерахьан тІаьхьенах волу хьушатхо Субахи. Цуьнан тобанехь ткъе виъ эзар стаг вара.
Выбор основного перевода