Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цара Шаулера схьадаьккхина долу герз шаьш Іаштартана дина долчу динан цІа чу охьадиллира, ткъа цуьнан дакъа Байт-Шанахь пена тІе дІатуьйхира. ГалІадарчу Явеш-гІалара болчу бахархошна дІахезира пІелаштамхоша Шаулна динарг. Массо а майра стаг гІаьттира цигахь. Буса баха а бахана, Шаулан а, цуьнан кІентийн а декъий Байт-Шанарчу пена тІера охьа а даьхна, Явеш-гІала схьа а деана, уьш цигахь дагийра цара. Церан даьІахкаш, схьа а гулйина, Явеш-гІалахь тамариск цІе йолчу дитта кІелахь дІайоьхкира. ВорхІ дийнахь марха кхебира цара. ЯхІуд-махкарчу божарша, схьа а баьхкина, шайн цІенна тІехь паччахьалла дан къобалвира иза цунна тІе зайтдаьтта доттарца. Кестта Дауде хабар кхечира, ГалІадарчу Явешан бахархоша Шаул дІавоьллина аьлла.
Выбор основного перевода