Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЯхІунатина, ша санна, Дауд везавалар бахьана долуш, Даудаца даггара доттагІалла лело барт бира цо. Къинхетам бехьа хьайн лех: Везачу Элана хьалха ахьа соьца барт ма бинера. Соьгара хьайна бехке долу хІума даьллехь, со хІинццехь вей дІаваккхахь! Хьайн дена тІе стенна вуьгу ахь со?» айхьа дуьнен чохь йоккхучу хенахь сан доьзална тешаме хилахьара хьо, Везачу Эло массо а хьайн мостагІа хІаллаквина хилахь а». ЯхІунатас Даудан цІенца барт беш элира: «Везачу Эло кхел йойла Даудан мостагІашна!» Цу шиммо Везачу Элана хьалха барт бира. Дауд Хьорша олучу меттехь висира, ткъа ЯхІуната шен цІа вахара. Шаулан кІентан ЯхІунатин астагІа а волуш кІант хилла. Иза пхи шо долуш хилла, ИзраІалара Шаулаххий, ЯхІунатаххий лаьцна ирча кхаъ беанчу хенахь. Церан бераш лелош йолу зуда, катоьхна кІант схьа а эцна, иза кІелхьарваккхархьама едда йоьдуш хилла. Иза едда йоьдучу хенахь, кІант цуьнан карара охьавоьжна. ХІетахь дуьйна схьа иза астагІваьлла лелаш хилла. Цу кІентан цІе Мапи-Бошат яра. Дауда цуьнга элира: «Кхера ма лолахь. Хьан ден ЯхІунатин дуьхьа аса дика гІуллакх дийр ду хьуна: Хьан деден Шаулан тІаьхьенан массо а латтанаш хьуна юхадерзор ду, ткъа хьо массо а хенахь сан шуьн чуьра кхача баа йиш йолуш а хир ву». Ахьа а, хьан бераша а, хьан ялхоша а цуьнан латта лело деза, цу лаьтта тІера схьадаьлла долу напха иза волчу схьадан а деза, цуьнан кертахь массо а хенахь яа а, мала а хІума хилийта. Ткъа хьан элан кІентан кІант Мапи-Бошат со волчохь яа хІума юуш хир ву». (Цубин пхийтта кІант а, ткъа ялхо а вара.)
Выбор основного перевода