Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма ялхочо цуьнга элира: «ХІокху гІалахь наха чІогІа лоруш а волуш Делан стаг ву Іаш. Цо мел аьлларг кхочушхуьлу. Вайшиъ иза волчу вахча, цо вайшиъ нийсачу новкъа ваккха мегара». Шаула шен ялхочуьнга элира: «Ваха-м гІур вара вайшиъ иза волчу, амма цунна яхьа хІума ма яц: тІоьрмаг чуьра бепиг а кхачийна, цунна дала цхьа а тайпа совгІат а дац вайгахь. Цу Делан стагана вай хІун лур ю?» Ялхочо цунна жоп делира: «Соьгахь шекхалан доьалгІа дакъа хиллал дети ду. Иза аса цунна дІалур ду, ткъа цо вайшиъ нийсачу новкъа воккхур ву». (Хьалха, Исраилан махкахь, нагахь санна цхьаъ Делера хаам хиларе сатуьйсуш велахь, олуш хилла: «Вало, Делера дерг гуш верг волчу гІо вай», – хІунда аьлча цу хенахь пайхамарех «хиндерг гуш болу нах» олура.) Динан ден кІентий ЯхІуната а, АхьимаІац а Іейн-РегІал цІе йолчу хьоста йистехь лаьтташ вара. ГІалина чуволийла дацара цу шиннан, иза царна кхераме хиларна, цундела зуда-ялхочо, яха а яхана, цаьрга и шадерг а дІадийцира, ткъа цу шиммо Дауде хаам бира. ЦІадукъин кІанта АхьимаІаца Йоабе элира: «Аса ведда хаам бийр бу паччахье, Везачу Эло, Шен кхел а йина, иза мостагІех кІелхьарваьккхина аьлла». Цо и боххушехь, динан ден Абу-ЯтІарин кІант ЯхІуната тІевеара. Ткъа Адан-ЯхІус цуьнга элира: «Чувала, хьо хьанал стаг ву. Ахьа дика кхаъ беана хир бу».
Выбор основного перевода