Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ГІашан, Хьулон, Гило – цхьайтта гІала шайн ярташца. Дауде хабар кхечира: «Ахьи-Тупал а ву Абушаламца къайлаха барт бинчаьрца». ТІаккха Дауда элира: «Веза Эла! Ахьи-Тупала царна бина болу хьехам сонталле берзабелахь!» ЯшбаІам Парасан тІаьхьенах вара. Шеран хьалхарчу баттахь иза вара эскаран массо а хьаькамашна тІехь коьртаниг. Дауда шен кІантах Абушаламах ша ведда лелла хан дагайоуьйту назма. «Цунна Іожаллин ун ма кхетта. Ша Іуьллучуьра иза кхин хьалагІатталур ма вац». Цунна чохь бохамаш а хуьлу. Цуьнан майданашкара нахана гІело яр а, мекарлонаш лелор а дІа а ца долу. Ткъа сан мостагІа вац со емалвийриг – иза-м ас ловр дара. Суна кураллаш йийриг со цавезарг вац – цунах-м со къайлавер вара. Амма хьо ма ву иза, сан тайпанара верг – сан уллора доттагІа, со тешна Іаш верг.
Выбор основного перевода