Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
СагІа доккхучу хенахь Абушалама шена тІе гилохо волу Ахьи-Тупал Гило-гІалара кхайкхира, Даудан хьехамча волу. Абушалама къайлаха беш болу барт чІагІлуш бара, цунна гонах дукха нах схьагуллуш бара. Цу хенахь Ахьи-Тупала беш болу хьехамаш Делера болу хьехамаш санна лорура. Уьш Дауда а, Абушалама а чІогІа ладогІа дезаш болу хьехамаш бара. Абушалама а, массо а исраилхоша а элира: «Іаьркхихо волчу Хьушайн хьехам диках бу Ахьи-Тупалан хьехамал». Цара иштта элира, хІунда аьлча Везачу Эло сацам бинера Ахьи-Тупалан дика хьехар дохо, Абушаламна тІе бохам баийтархьама. Ахьи-Тупална хиира, ша дина долу хьехар кхочуш ца динийла. Шен вирана тІе нуьйр а тиллина, иза ша Іийначу гІала дІавахара. Шен тІаьхьенна весет а дитина, Ахьи-Тупал ирхъоллавелира, цул тІаьхьа иза шен ден коша чу дІавоьллира. Хьехамчаш Цо хьекъалх эшабо, кхелахойх Цо сонтанаш а хуьлуьйту. Тешамечу хьехамчийн къамелаш а сацадо, къеначеран къасторан хьуьнар а эшадо.
Выбор основного перевода