Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьайн хедар боцучу безамца Ахьа мах белла кІелхьардаьккхина халкъ, онда гІо лоцуш, езачу Хьайн хІусаме дигна хир ду Ахь. Хьайн серло схьаяийтахьа, Хьайн бакъдерг схьакховдадехьа. Цара со дІавуьгийла, цара со хьалавоккхийла Хьан безачу лома тІе, Хьо Іаш волчу цІийне. Ярми-ЯхІу, цаьрга дІаала: „Везачу Эло, лоьмо санна, стигалара схьа гІигІ дийр ду. Цо Шен дезачу цІа чуьра нуьцкъалчу озаца къамел дийр ду. ЧІогІачу озаца Цо гІигІ дийр ду Шен махкана дуьхьал. Кемсех мутта а доккхуш, кемсаш а хьоьшуш, чагІар деш болчарна санна мохь беттар бу Цо дуьнен тІехь бехаш болчу массо а нахе.
Выбор основного перевода