Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ахьи-Тупала Абушаламе элира: «Хьан дас кхузахь шен цІа Іалашдан битинчу цуьнан гІарбаш-зударшца дІавижа. ТІаккха массо а исраилхошна дІахезар ду, хьо хьайн дена бІаьргахь доллу дитт санна хета аьлла. Хьуна тІаьхьа бевлларш хьоьца кхин а чІогІа тешаме болуш дІахІуьттур бу». Шерачу тхов тІехь Абушаламна четар хІоттийра. Ткъа иза массо а Исраилан халкъана хьалха, четар чу а вахана, шен ден гІарбаш-зударех кхийтира. Дауд Ярушалаймехь долчу шен цІа веара. Цо, шен цІа Іалашдеш йитина йолу итт гІарбаш-зуда схьа а ялийна, цхьана цІа чохь охьахаийра, цІенна гІарол а дойтуш. Дауда цу зударийн дола дойтура, амма ша царах кхин ца кхийтира. Цу зударша шаьш дуьнен чохь йоккхуш йолу хан бисина Іаш болчу зударша санна яьккхира.
Выбор основного перевода