Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа паччахь, шен юьхь тІе ши куьг а диллина, мохь бетташ тийжаш вара: «Сан кІант Абушалам! Ва-а, сан кІант Абушалам!» – бохуш. Цул тІаьхьа Мардахай паччахьан ков долчу юхавирзира, ткъа ХІаман гІийла, юьхьІаьржачу хІоттарна шен корта къайла а баьккхина, цІа ваха сихвелира. Белхарца хІу эцна кха тІе воьдуш верг самукъадаларца шен цІевнаш дахьаш юхавоьрзур ву. Оцу хенахь Амосан кІантана ЕшаІ-ЯхІуна Везачу Эло тІедиллира билгалонна цхьа хІума дар. Цо элира: «Ваха а гІой, хьайн гІодаюкъ а ястий, хьайна тІера сингаттаман барзакъ а схьадаккха, когара мачаш а охьакхисса». Вукхо иштта дан а дира: иза верзина а, когаш Іуьйра а лелара. ТІаккха элира Везачу Эло: «Сан ялхо ЕшаІ-ЯхІу кхаа шарахь верзина а, когаш Іуьйра а лийлира, иза Мисар-махкана а, Хуша-махкана а хиндолчунна билгало яра. Ашур-мехкан паччахьо, Мисар-мохк а, Хуша-мохк а схьа а баьккхина, цигара къона а, къена а йийсархой дІабуьгур бу. Берзина а, когаш Іуьйра а хир бу уьш, ур-атталла церан вареш ерзина хир ю, Мисарна эхь хетийтархьама. Цхьанна а ца хозуьйтуш, даккхий синош даха, чІогІа тийжа а ца тийжаш. Хьайн коьртара чалба дІа а ма яста, мачаш кога а юха, хьайн маж къайла а ма яккха, тийжаран кхача а ма баа». Зайт-диттийн ломан басенашкахь Іохкуш йолу Бет-Паг а, Бет-ХІина а гІаланашна тІекхочуш, Шен мурдех шиъ вахийтира Цо, царна тІе декхар а диллина: Уьш Ярушалаймана улло кхаьчча, гІала а гина, Іийсан бІаьргех хи делира.
Выбор основного перевода