Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шена дагахь а доцуш, Абушалам Даудан тІемалошна дуьхьалкхийтира. Иза шен вирбІарзанна тІехь дІавоьдуш вара. ВирбІарза доккхачу ножан диттан генашна кІелхула дІайоьдучу хенахь, Абушаламан месаш гаьннех дІатасаелира. Иза лаьттаний, стигалний юккъехь кхозуш висира, ткъа цуьнгахь хилла йолу вирбІарза едда дІаяхара. Паччахьо элира цаьрга: «Шайца сан уллоранаш а эций, сан кІант Сулим, сан бІарзанна тІе а хаавай, Гихьон-шовданна йисте дІавига. ТІаккха динан да волчу ЦІадукъас а, Ната-пайхамаро а, ЯхІу-ЯдаІан кІанта БенъяхІус а, кератхоша а, палетхоша а Сулим, Дауд-паччахьан бІарзанна тІе а хаийна, Гихьон олучу шовдан йисте вигира.
Выбор основного перевода