Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ШолгІа кІант Калиаб Набалехь марехь хиллачу кармалхо йолчу АбигІала вина вара. КхоалгІа кІант Абушалам Гешурахь паччахь волчу Талмайн йоІа МаІхас вина вара. Ткъа Абушалам ведда дІавахнера. ГІалин ков тергалдечу жимачу кІантана гира Хьоронаймерачу некъа тІехула лам тІера охьабуьссуш дукха нах. ТІаккха кІанта, ваха а вахана, паччахье элира: «Суна гира Хьоронаймера некъа тІехула лам тІера охьабогІу дукха нах». Цигара хьала а гІаьттина, Гешура а вахана, Абушалам Ярушалайме схьавалийра цо. Абушалама, цунна жоп луш, элира: «Аса хьоьга кхайкха бахийтира, паччахье хаттар дайта: „Гешурара со схьа хІунда валийна? Суна цигахь Іийнехь атта хир дара“. Паччахьан юьхь ган лаьа суна. Нагахь санна со бехке велахь, со, вей, дІаваккхийта цуьнга».
Выбор основного перевода