Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хилларг шайна хиъча, Якъубан кІентий сихха арара цІа баьхкира. Уьш чІогІа оьгІазбахана бара, хІунда аьлча Исраилан тІаьхьенна юкъахь чІогІа эхье гІуллакх дара Шехема динарг, Якъубан йоІ а хьийзийна, ткъа и саннарг могуьйтийла дацара. Хьайн ден я ненан йоІаца, хьайн йишица, дІа ма вижа – иза хьайн цІахь я кхечу меттехь йина елахь а. Хьан дестечо хьан дена йинчу йоІаца дІа ма вижа. Хьан йиша ма ю иза. Нагахь цхьаъ шен дена йинчу я нанас йинчу йишица дІавижахь, цо динарг хьарам гІуллакх ду. Шайн халкъана хьалха къомана юкъара дІаэккхо деза и стаг а, зуда а. Шен йишица дІавижарна, и стаг бехке а ву, цо жоп дала а деза. ХІусамдас, ара а ваьлла, цаьрга элира: «Сан вежарий, ма дахьара аша и зулам! И стаг сан хьаша ву. Ма дахьара аша цу тайпана долу сонта хІума. Аса, иза екъа а екъна, дакъош Исраилан халкъ дехаш долчу массо а маьІІе дІасадахьийтира, Бен-Яманан тІаьхьено и инзаре а, сийсаза а гІуллакх Исраилан махкахь дина дела. Аса кхин цхьа чІагІо а йира цу яьссачу аренгахь. Айдинчу куьйгаца Ас чІагІо йира уьш кхечу къаьмнашкахула дІасабаржо а, кхечу мехкашкахула дІасакхисса а.
Выбор основного перевода