Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Исхьакха шен ненан четар кІел дІайигира Ребикха. Цунах Исхьакхан зуда хилира. Исхьакхана иза чІогІа езаелира, шен еллачу ненах болу сингаттам а байбелира цунна. Массо а цуьнан кІентий а, йоІарий а иза теван гІертара, амма иза тен дагахь вацара: «Сайн кІантана сагатдеш, эхарта дІагІур ву со», – бохура цо. КхидІа а белхар дира дас. Даудана гинера шен ялхоша вовшашлахь шабар-шибар деш. ТІаккха кхийтира иза шен бер делла хиларх. Цо хаьттира: «Бер делла?» Ялхоша жоп делира: «Делла». ТІаккха Дауд, лаьттара хьала а гІаьттина, лийча а лийчина, шена тІе даьтта а хьаькхна, тІера бедарш а хийцина, Везачу Элан четар чу Цунна Іибадат дан вахара. Цигара цІа веанчул тІаьхьа, цо, шена бепиг а даийтина, яа хІума йиира. Ялхоша цуьнга хаьттира: «И хІун ду ахь лелош дерг? Бер дийна долчу хенахь хьо, марха кхобуш, воьлхуш вара, ткъа иза деллачул тІаьхьа, хьо хьала а гІаьттина, бепиг дууш ма ву?» Дауда царна жоп делира: «Бер дийна мел ду, со воьлхуш а вара, марха кхобуш а вара, хІунда аьлча со, Везачу Эло къинхетам а бина, бер дийна дисаре сатуьйсуш вара. Ткъа хІинца бер делла. Аса стенна кхобу марха? Соьга иза денлур ма дац. Со и бер дахханчу дІагІур ву, ткъа иза со волчу юхадоьрзур дац».
Выбор основного перевода