Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Левихо тІаьхьа а сецна, и шиъ дууш, молуш Іийра. Къоначу зудчун дас цу стаге элира: «Хьайн самукъа а доккхуш, кхин а цхьа буьйса яккха». Левихо а, цуьнан гІарбаш-зуда а, ялхо а дІадаха дагахь хьалагІаьттира. Амма стундас юха а элира: «Вайна суьйре тІейогІуш ю. Тховса кхузахь буьйса яккха, хьайна са а къера. Ткъа кхана, хьалххехь хьала а гІевттина, шайн цІа гІур ду шу». Левихо а, цуьнца берш а шайна яа хІума а юуш, садоІуш болчу хенахь, цу гІалара болчу телхинчу наха воккхачу стеган цІенна го а бина, неІ а етташ, мохь а бетташ, бохура: «Хьо волчу веана волу стаг араваккха, тхуна цунах зуда ян лаьа». АбигІал Набал волчу схьаеара. Ткъа кхеран цІахь доккха той дара. Набалан дог сакъералуш дара, иза чІогІа вехна а вара. Іуьйре тІекхаччалц, доца а, деха а цхьа дош ца элира АбигІала Набале.
Выбор основного перевода