Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Со шуьца волчу хенахь цкъа а цхьаннан а ахча а, деза духар а ца дезна суна. Муьлххачу тІемалочо, ша эскарехь гІуллакх дечу хенахь, ша-шен гІайгІа бо? Муьлхачу кемсашлелорхочо, кемсаш дІа а йоьгІна, церан стоьмаш ца боу? Муьлхачу Іуьно шен жена юкъарчу жийно елла шура ца молу? Везачу Элаца воьзна а волуш, дикка хазахетар хилла ву со, шун юха а сан гІайгІа бан аьтто баьлла дела. Бакъду, шу-м хІинццалц а дара сан гІайгІа беш, амма шун аьтто ца болура иза суна хаийта. Пилапхой, шуна хууш ду-кх, со Македон-махкара ара а ваьлла, хаза кхаъ дІакхайкхо волавеллачу хенахь, шу доцучара цхьана а динан тобано суна хІума ца кховдийра, аша суна гІо ма-дарра. Цхьанна а меттехь маьхза бепиг ца дуура оха. Мелхо а, шуна цхьанна а тхайх бала ца бархьама, дийнахь а, буса а, къа а хьоьгуш, болх бора оха.
Выбор основного перевода