Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Цундела сема хила. Шайна аса кхаа шарахь дийнахь а, буса а хІоранга а бІаьрхица дІахьедина хилар дагахь латтаде. Оха-м тахханалц а лов мацалла а, хьогалла а, тІехь хІума цахилар а, тхайна еттар а, даха хІусам цахилар а. Мелхо а, массо а агІор Далла гІуллакх дийраш санна тхаьш хилар гойту оха: баланаш а, халонаш а, бохамаш а доьналлица тхаьш ловш. Иза оха гойту тхайна еттачу хенахь, тхо набахти чохь дохкуш, карзахбевллачу наха тхо лелхийна лелош, тхаьш къахьоьгуш, буьйсанна наб яйна лелаш, мацалла ловш. ХІунда аьлча, динан вежарий, шуна дагадогІу-кх шу долчохь оха хаза кхаъ кхайкхочу хенахь, тхайх шуна бала ца бархьама, буьйсанна а, дийнахь а оха хьегна къа а, тхуна хилла ницкъ а.
Выбор основного перевода