Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Дала леррина Къобалвинчо нах хих чекхбаха вахийтина вацара со, ткъа хаза кхаъ кхайкхо вахийтинера. Ткъа адамашна хьалха хьекъалечу дешнашца кхайкхо ца беза аса иза, Дала леррина Къобалвинчун жІарах дІатохар эрна ца хилийтархьама. Динан вежарий! Шу долчу веанчу хенахь, Делан къайленах лаьцна сайн хьекъалца а, Іилманчин къамелашца а дийца ца веанера со, хІунда аьлча со шуьца волчу ханна суна кхин цхьа хІума а шуна довзийта ца лиънера, Дала леррина къобалвинчу Іийсах а, Цуьнан жІара тІехь валарх а лаьцнарг доцург. Оцу дерригенах а лаьцна, вайн адамийн хьекъало луш долчу дешнашца а доцуш, Делан Сино хьоьхучу дешнашца дуьйцу. Синца доьзначу хІуманех Синах буьзна берш кхетабо вай. Мелхо а, оха дитина массо а къайлаха а, эхье а долу гІуллакхаш. Нах Іеха а ца бо, Делан дош харцахьа а ца доккху оха. Ткъа тхаьш билггал бакъдерг адамашна дІаделларна, Далла хьалха хІора адаман эхь-бехкана оха дІагойту тхаьш муьлш ду. ХІунда аьлча со цавезачара олу: «Цуьнан кехаташ маьІна долуш, ницкъ болуш ду, ткъа иза ша дуьхьал волуш эгІаза ву, цо до къамел дегаза а ду». Цундела, дІаяздинарг шаьш доьшуш, шу кхета мега, Дала леррина къобалвинчух йоьзна йолчу цу къайленах сан кхетам муха бу.
Выбор основного перевода