Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Къа ду шун, Іелам нах а, парушхой а, шалхалла шайца йолуш долу! Адамашна Стигалийн Олалла тІелаца боьду некъ дІакъевлина аша. Шаьш а ца доьлху шу цу некъахула, ткъа кхечу нахана а дуьхьал ду шу цу некъахула уьш бахийта. ХІунда аьлча иштта адамаша вайн Веза Эла волчу, Дала леррина Къобалвинчунна гІуллакх ца до. Цара шайн гайна гІуллакх до. Шайн хьестадаларца, къамелаш дан говза хиларца догцІена долу адамаш Іехадо цара. Шайн куьйга кІелахь болчу нахана масал хилий лела, шайн олалла бахьана долуш царна ницкъ ма бе.
Выбор основного перевода