Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Цу деношкахь, мурдаш сов болучу хенахь, царах грекахойн мотт буьйцу жуьгтий Іебархойн мотт буьйцучу жуьгташна аьрзнаш дан буьйлабелира. Цара бохура денна йоькъучу хІуманан дакъа шайн бисина Іачу зударшна ца кхочуьйту. «Со жуьгти ву, Килик-махкара Тарс-гІалахь вина волу, амма кхузахь, хІокху гІалахь, кхиийна ву. Сан устаз хилла Гамлиал. Цо леррина Іамийна суна вайн дайн товратан хьехамаш. Тахана шу санна, хьалха Далла леррина гІуллакх деш вара со. исраилхойн дуьхьа. Уьш хаьржина долу Делан бераш ду. Царна елла Делан бераш хиларан бакъо а, Делан сийлалла гойла а. Цаьрца Дала барташ бира. Царна белла товрат-хьехамаш а, Далла муха Іибадат дан дезаран хаар а. Царна дина Дала Шен ваІданаш. ХІунда аьлча дуьнен чу ваьллачу борхІалгІачу дийнахь со сунтвина а ву, Исраилан халкъах схьаваьлла а ву, Бен-Яманан тайпанах а ву, Іебархойх схьаваьлла Іебархо а ву. Товрат-хьехамаш кхочушбеш парушхо а вара со.
Выбор основного перевода