Оццул сонта ду те шу, шаьш Делан Синца долийна дахар адаман шен ницкъах тешна чекхдаккхал?
ХІунда аьлча вай билггал сунтдинарш ду. Вай Делан Синехула Далла гІуллакх деш а ду, Дала леррина къобалвинчу Іийсаца доьзна хиларх дозалла деш а ду, адамийн дилханах тешна Іаш а дац.
Сан а ма яра, сайн дилханах а тешна, Іен йиш. Нагахь санна кхин цхьа стаг, шен адаман дилханах а тешна, Іен дагахь велахь, сан цуьнан йолчул а сов бакъо хилар билггал бакъду.