Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Амма Делан дика бахьанехь хІинца со волуш верг хилла сох. Ткъа суна лерина Цуьнан дика а эрна ца хилла. Аса цара массара а хьегначул сов къахьегна. (Бакъду, иза аса ца динера, соьца долчу Делан дикано динера.) Сайх сонтаниг вира аса, амма иза аша дайтира соьга. Сох дозаллаш аша дан дезара, хІунда аьлча со хІумма а воцург велахь а, оцу шун «лакхарчу векалел» со цхьана а хІуманна тІехь а оьшуш вац. Ярушалаймера тешаш болчу наха лоруш болчара а (уьш хьалха муьлш хиллехь а, суна-м бен а дац, хІунда аьлча Далла хьалха массо а адам цхьаъ а ду) сан хьехамна хІумма а тІе ца туьйхира. Дала и Шен дика суна а деллий хиъча, Іийсах тешаш болчу наха шайн гІортораш лоруш болчу Якъуба а, Кипас а, Яхьъяс а соьга а, Бар-Наабе а доттагІаллин куьг кховдийра. Цара барт бира, уьш жуьгташна хаза кхаъ кхайкхош баха беза, ткъа тхо иза кхечу къаьмнашна кхайкхош даха деза аьлла.
Выбор основного перевода