Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Тешарехь чІагІбелла боцучаьрца чІагІвелла воцург санна хуьлура со, уьш тешарехь чІагІбархьама. Массарна а хьалха массо а санна хуьлура со, сайн мел долчу хьуьнаршца, царах цхьаберш баьхна а, кІелхьарбахархьама. Ишттачу стагах дозалла дойла ю сан. Ткъа сайх дозалла дойла яц сан, сайн гІорасизаллех доцург. Ткъа Везачу Эло соьга элира: «Тоьар ду хьуна Соьгара долу дика, хІунда аьлча Сан ницкъ хьан гІорасизаллехула кхоччуш гучубоккху». Суна чохь Дала леррина Къобалвинчун ницкъ хилийтархьама, сайн гІорасизаллех долу дозаллаш совдохур ду аса. Дала леррина Къобалвинчун дуьхьа иза хиларна, со реза ву сайн гІорасизаллина а, со дола хетарна а, халонашна а, суна тІаьхьабовларна а, цатемашна а, хІунда аьлча со гІорасиза волччу хенахь сан ницкъ а хуьлу.
Выбор основного перевода