Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
Амма исраилхоша доккха зулам дира Везачу Элана лериначуьнца доьзна. ЯхІудан тІаьхьенах волчу Іахана шайна схьаийцира Везачу Элана леринчух цхьайолу хІуманаш (Іахан вара Кармин кІант, ткъа Карма вара Завадин кІант, Завади вара Зерахьан кІант). ТІаккха Веза Эла чІогІа оьгІазвахара исраилхошна. Иза массо адамал а хьекъалдолуш вара. Сулим-паччахьан хьекъалалла Іезарахьахо волчу Этанан а, Махьалан кІентий болчу ХІайманан а, Калкалан а, ДардаІан а хьекъалаллел а сов дара. Сулим-паччахьан цІеран сийлалла хьалаяьллера гонах долчу дерриг а халкъашна юкъахь.
Выбор основного перевода