Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
Уьш сагІа доккхучу схьабаьхкича, Шамъална цигахь Элиаб гира. Цо ша-шега элира: «Везачу Элана хьалха дІахІоьттина лаьтташ волу хІара хила мега Цо къобалвинарг!» Юшайс, Абинадаб схьа а кхайкхина, иза Шамъална тІевалийра. Шамъала элира: «ХІара а вац Везачу Эло хаьржинарг». ТІаккха Юшайс Шама тІевалийра. Юха а Шамъала элира: «ХІара а вац Везачу Эло хаьржинарг». Юшайн воккхаха волу кхо кІант Шаулца тІаме вахнера. Цуьнан тІаме ваханчу кхаа кІентан цІераш яра: уггаре воккхачун – Элиаб, шолгІачун – Абинадаб, кхозлагІчун – Шама.
Выбор основного перевода