Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
ТІаккха оцу шинна хилларг жимаха волчу кІантана Шейлана хиларна кхоьруш, ЯхІуда элира шен несе Тамаре: «Сан кІант Шейла воккха хиллалц, хьайн да волчу дІа а гІой, йисина Іаш йолу зуда Іа ма-еззара Іе». Тамара шен ден цІа дІаяхара. ЯхІуда хаьттира: «ХІун закъалт ло хьуна?» Зудчо жоп делира: «Хьан мухІар а, цу тІера тІийриг а, хьан карара Іаса а оьшу суна». Цо йоьхург дІа а елла, цуьнца дІавижира ЯхІуд. Тамара доьзалхочух хилира цунах. Амма кІанта куьг юха а даьккхина, хьалха цуьнан ваша велира дуьнен чу. Бер схьаоьцучу зудчо элира: «Хьо муха чекхвели, Парас?!» Цу кІентан цІе Парас тиллира (иза «чекхвалар» бохург ду). Юха куьйга тІехь цІен тай дерг а велира гучу. Цуьнан цІе Зерахь тиллира (иза «сатасар» бохучух тера ду). Везачу Эло хьуна цу къоначу зудчуьнгара лун йолу тІаьхье бахьана долуш, Тамарас ЯхІудана винчу Парасан доьзал санна, хуьлийла хьан доьзал». ЯхІуд – Парасан а, Зерахьан а да, ткъа церан нана Тамара хилла. Парас Хьацранин да хилла, Хьацрани – Раман да.
Выбор основного перевода