Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
«Сан доІанаш а хезна, Дала со бакъйина, – элира Рахьала. – Цо суна кІант велла». Цо кІентан цІе Дан тиллира (иза «бакъвина» бохург ду). «Дала бахьана а хІоттийна, сайн йишица къовса а елла, толам баьккхи ас», – элира Рахьала. Цу кІентан цІе Наптал тиллира цо (иза «къийсам» бохург ду). Леин ялхочо Залпаа Якъубана кІант вира. «Сан аьтто хилла», – элира Леас. Цо кІентан цІе Гада (иза «аьтто» бохург ду) тиллира. Леин ялхочо Залпаа Якъубана кхин цхьа кІант а вира. Леас элира: «Со ирс долуш ю! ХІинца массо а зударша со ирс долуш ю эр ду!» Цу кІентан цІе Ашар тиллира цо (иза «ирс» бохург ду). Рахьал дагахь а йолуш, цуьнан доІина жоп а делла, бер хилийта аьтто бира Дала. Доьзалхочух а хилла, кІант вира Рахьала. Цо бохура: «Дала хІара эхь дІадаьккхи суна тІера». Цо кІентан цІе Юсуп тиллира (иза «алсамдалийта» бохург ду). «Везачу Эло кхин а лойла суна кІант», – бохура цо. Шен са дІадалале Рахьала кІентан цІе Бен-Они тиллира (иза «сан баланийн кІант» бохург ду), амма дас Бен-Яман элира цунах (иза «сан аьтто куьйган кІант» бохург ду). Рахьала бина кІентий: Юсуп а, Бен-Яман а. Рахьалан ялхочо Балхьата бина кІентий: Дан а, Наптал а. Леин ялхочо Залпаа бина кІентий: Гада а, Ашар а. Уьш Якъубана Падан-Арамехь бина кІентий бара. Цигахь ЯхІудана ШуІа цІе йолчу канаІанхочун йоІ евзира. Яла а йина, цунах кхийтира иза. Зудчо кІант вича, цуьнан цІе Іаьр тиллира. Юха а доьзалхочух а хилла, кІант вира ЯхІудан зудчо. КІентан цІе Онан тиллира цо. Кезаб олучу меттехь шена кхин цхьа кІант а вича, цуьнан цІе Шейла тиллира цо. Шен дуьххьарлерачу кІантана Іаьрана Тамара цІе йолуш зуда ялийра ЯхІуда. Амма Шена хьалха Іаьр къиношца Іарна, Везачу Эло са ийцира цуьнан. ТІаккха ЯхІуда элира Онане: «Хьайн вешех йисинчуьнца дІа а вижна, марвешин декхар кхочушдан деза ахь вешин тІаьхье хилийта». Амма Онанна хаьара оцу тІаьхьенан да ша хир воций, цундела хІоразза а вешин зудчуьнца дІавижча, бер ца хуьлу агІо лелайора цо. Везачу Элана хьалха къилахь дара Онана лелош дерг, цундела Цо цуьнан а са дІаийцира.
Выбор основного перевода