Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
Мусан стунда волчу кхенахочун Итаран тІаьхье, яхІудхошца хурма-диттийн гІалара дІа а яхана, ЯхІуд-мехкан яьссачу аренга цигахь бехаш болчу нахана юкъахь Іен дІаяхара. И меттиг яра Іарод-гІалина генахь йоццуш. Цигара дІавахча, шена дуьхьал вогІу Рахбин кІант ЯхІу-Надаб гира ЯхІуна. Маршалла а хаьттина, ЯхІус элира цуьнга: «Хьан дог а дуй те соьгахьа дирзина, сан дог хьоьгахьа дирзина ма-хиллара?» ЯхІу-Надаба элира: «Ду». «Иза иштта делахь, хьайн куьг схьакховдаде». Вукхо шен куьг дІакховдийра. ЯхІус иза шен гІудалкх тІе хьалаваьккхира. «Рахбихой болчу а гІой, цаьрга вист а хилий, уьш Везачу Элан цІийнан кертахь долчу цхьана чоьнна чу кхайкха, царна чагІар а ло».
Выбор основного перевода