Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
Леас кІант вира, цуьнан цІе цо Раабан тиллира (иза «сан бала гина Цунна» бохучух тера ду), хІунда аьлча цо бохура: «Везачу Элана гина аса хьоьгу бала: хІинца мукъана а со езаяла мега сан майрачунна». Леа юха а доьзалхочух хилира, кхин цхьа кІант вира цо. Цуьнан цІе цо ШимІа тиллира (иза «хезна» бохучух терра ду). Леас бохура: «Везачу Элана хезна, со майрачунна ца еза аьлла, цундела Цо суна кІант велла». Кхин цкъа а доьзалхочух а хилла, кІант вира Леас. Цо цуьнан цІе Леви тиллира (иза «цхьаьнакхета» бохург ду). Леас бохура: «ХІинца сан майра суна уллохь хир ву, ас кхо кІант ма вина цунна». Юха а доьзалхочух а хилла, кхин цхьа кІант вира Леас. Цуьнан цІе ЯхІуд тиллира (иза «хастам» бохург ду). Цо бохура: «ХІинца ас Везачу Элана хастам бийр бу». Цул тІаьхьа кхин бер ца хуьлуш сецира иза. Леас элира: «Ас сайн майрачунна ялхо яларна Дала совгІат дина суна». Цо кІентан цІе Иссархан тиллира (иза «совгІат ду» бохург ду). Юха а доьзалхочух а хилла, Якъубана ялхалгІа кІант вира Леас. «Дала тамашийна похІма делла суна, – бохура Леас. – ХІинца Якъуба со, билггала, лорур ю, хІунда аьлча ас ялх кІант вина цунна». Цо кІентан цІе Забул тиллира (иза «ларам» бохучух тера ду). Леас бина кІентий: Якъубан дуьххьарлераниг – Раабан, юха ШимІа, Леви, ЯхІуд, Иссархан, Забул. Рахьала бина кІентий: Юсуп а, Бен-Яман а. Рахьалан ялхочо Балхьата бина кІентий: Дан а, Наптал а. Леин ялхочо Залпаа бина кІентий: Гада а, Ашар а. Уьш Якъубана Падан-Арамехь бина кІентий бара. ХІорш ю Мисар-махка баьхкинчу Исраилан кІентийн цІераш (Якъуб а, цуьнан тІаьхье а): Якъубан хьалхара кІант Раабан. Раабанан кІентий: Хьанах, Палу, Хьацрани, Карма. ШимІин кІентий: Емуал, Ямин, АхІад, Якин, ЦІохьар, канаІанхочо вина Шаул а. Левин кІентий: ГІиршан, КхахІат, Мерари. ЯхІудан кІентий: Іаьр, Онан, Шейла, Парас, Зерахь. (Іаьр а, Онан а КанаІан-махкахь кхелхинера). Парасан кІентий: Хьацрани, Хьамал. Иссарханан кІентий: ТовлаІ, Пува, Яшаб, Шимрон. Забулан кІентий: Серад, Элон, Яхьлаал. Уьш Леас Якъубана Падан-Арамехь бина кІентий бара. Цо йина Дина цІе йолуш йоІ а яра. Дерриг а кІант а, йоІ а ткъе кхойтта дара. Гадин кІентий: Цепон, Хьаги, Шуни, Эцбон, Іера, Ароди, Ариэли. Ашаран кІентий: Имани, Ишва, Ишви, БериІ. Серахь цІе йолуш йиша а яра церан. БериІан кІентий: Хьебар а, Малкиал а. Лабана шен йоІана Леина еллачу ялхочо Залпаа Якъубана дина бераш дара уьш, верриг а ялхитта стаг. Якъубан зудчо Рахьала бина кІентий бара: Юсуп а, Бен-Яман а. Мисар-махкахь Ана цІе йолчу гІалин динан да волчу ПатипараІан йоІа Асната Юсупна ши кІант вира. Церан цІераш яра Маннаш а, Эпрам а. Бен-Яманан кІентий бара: БулаІ, Бахри, Ашбели, Гери, НаІаман, Аьхьи, Рош, Мупим, Хьупим, Арди. Рахьала Якъубана бина кІентий бара уьш, верриг а вейтта стаг. Данан кІант вара: Хьушим. Напталан кІентий: Яхьциал, Гуни, Йицар, Шилам. Лабана шен йоІана Рахьална еллачу ялхочо Балхьата бина кІентий бара уьш, верриг а ворхІ стаг. ИбрахІим Исхьакхан да хилла, Исхьакх – Якъубан да, Якъуб – ЯхІудан а, цуьнан вежарийн а да,
Выбор основного перевода