Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
Маннашан тІаьхьенах волчу Яира а, вахана, церан ярташ дІалецира. Царна, Яиран ярташ аьлла, цІе тиллира цо. Иштта Нобахьас а, вахана, Кхинат-гІала а, цунна гонах йолу ярташ а дІалецира. Оцу гІалина, Нобахьа аьлла, цІе тиллира цо. Маннашхочо Яира берриге а АргІаб-мохк гешурхойн а, маІхахойн а латтанашна тІекхаччалц дІалецира. Башан-махкана Яира шен цІе тиллира. Царах хІинца а Яиран ярташ олу.) Церан дакъа дара: Махьанайм-гІали тІера дуьйна берриг а Башан-мохк, Башанан паччахьан ІовгІин дерриг а латта, шена чуйогІуш Яиран кхузткъа юрт а йолуш.
Выбор основного перевода