Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Исраилхошна хьалха эмархой бохийтина, церан дегнаш чу кхерам тесира Везачу Эло. Исраилхойн эскаро ГавІонехь дукха мостагІий хІаллакбира. Юха, царна тІаьхьабевлла, Байт-Хьорон цІе йолчу лам тІе боьдучу новкъахула дІабахара уьш. Іазекхи а, Макхеда а цІераш йолчу меттигашка кхаччалц, хІаллакбеш, дІабигира цара эмархой. Динан дайшна юкъахь Муса а, АхІарон а вара, ткъа Шамъал а вара Цуьнга кхойкхучарна юкъахь. Цара Везачу Эле доІанаш дора, Цо царна дуьхьал жоп а лора. Везачу Эло соьга элира: «Муса-пайхамар а, Шамъал-пайхамар а ЯхІудан халкъан дуьхьа Суна хьалха дехарш деш хилча а, Аса цу халкъах къинхетам бийр бацара. ДІалахкахьа Со волчуьра и нах, дІабахийтахьа уьш.
Выбор основного перевода