Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Исраилхой юха а Везачу Элана зуламе хеташ долу гІуллакхаш лело буьйлабелира. Цундела Цо уьш шовзткъа шарна пІелаштамхойн кара дІабелира. «Кхана хІоккху хенахь Аса Бен-Яманан лаьттара хьуна тІе цхьа стаг воуьйтур ву. Ахьа иза, Сан къомана куьйгалхо хилийта, цунна тІе даьтта дуттуш, къобалван веза. Цо Исраилан халкъ пІелаштамхойх кІелхьардоккхур ду. Со диканца хьаьжна Сайн къоме, хІунда аьлча цуьнан узарш Суна схьахезна ду». Ткъа пІелаштамхой исраилхошна дуьхьал тІом бан кечбелира. Ткъе итт эзар гІудалкх, ялх эзар говрахь волу тІемало, кхин а дуккха а адам кечдира цара. ХІордан йистера гІум санна, дукха бара уьш. Схьа а баьхкина, Байт-Аванна малхбалехьа лаьтташ йолчу Михмасехь шайн меттамотт дІахІоттийра цара. ПІелаштамхой исраилхошца тІом беш бара. Исраилхой, царах бевдда боьлхуш, ГилбаІ олучу лам тІехь дукха хІаллакьхилира.
Выбор основного перевода