Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эле гІо доьхуш, кхойкхуш бара Исраилан кІентий. «Тхан Дела, Хьуна хьалха оха къинош летийна. Тхайн Дела вита а витина, БаІал санна долчу харцделанашна Іамал еш дара тхо», – бохура цара. ТІаккха майра кхо тІемало, пІелаштамхойн меттаматтехула чекх а ваьлла, Байтлахаман кевнехь йолчу гІу чуьра хи а эцна, иза Даудана а дахьаш, схьавеара. Амма Даудана и хи мала ца лиира. Цо и хи, сагІина а лерина, Везачу Элана хьалха лаьтта охьадоьттира. Цу беттан ткъе доьалгІачу дийнахь исраилхой схьагулбелира, марха а кхобуш, шайна тІехь сингаттаман духар а долуш, коьрта тІе тесна ченаш а йолуш. Сан кІелхьарвалар Делах дозуш ду, сан сий а Цунах дозуш ду. Сан нуьцкъала тарх а Иза ю, суна дІалачкъа меттиг а Иза ю. Амма Везачу Эло хІинца а боху: «ТІедерза Суна цІеначу даггара шаьш кхобучу мархица, дечу белхарца, тийжарца.
Выбор основного перевода