Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шен доьзале а, шеца болчаьрга а Якъуба элира: «ДІакхийса шайгахь болу хийра цІуш, цІан а лой, тІера бедар а хийца. Шайн Везачу Деле ларамах дуьзна хила, Цунна бен гІуллакх а ма де, Цуьнан цІарах бен дуйнаш а ма баа. шу а, шун бераш а доллучу дагца, доллучу синца шайн Везачу Далла тІе дерзахь, Цуьнан озе аша ладогІахь, тахана ас шуна тІе-ма-диллара, тІаккха шун Везачу Дала шун аьтто юхаметтахІоттор бу, шух а къинхетам бийр бу Цо. Шун Везачу Дала, массо а халкъашна юкъа дІасадаржийна долу шу, схьа а гулдина, цхьаьнатухур ду. Стигала йисте кхаччалц шу дІасадаржийна делахь а, цигара а схьагулдийр ду Цо, цигара а схьадалор ду. Везачу Дала шун дайн долахь хиллачу лаьтта тІе схьадалор ду шу. И латта шун дола дер ду. Цо шуна дика мел дерг а дийр ду, шун дайл а дукха шу доьбуьйтур а ду. Шун Везачу Дала шун а, шун тІаьхьенан а дегнаш тІера пардонаш дІахедор ду, шайн Веза Дела шуна доллучу дагца, доллучу синца везийтархьама а, шу дахийтархьама а. ТІаккха шун Везачу Дала дерриге а ас дІахьедина долу неІалташ шу дІалаьхкинчу шун мостагІашна а, шу цадезачарна а тІедерзор ду. Ткъа шу Везачу Элана тІе а доьрзур ду, аша Цуьнан озе ла а дугІур ду, ас тахана шайна тІедуьллуш долу дерриг а Цуьнан весеташ кхочуш а дийр ду. Шун Везачу Дала шун куьйгаша мел дечу гІуллакхашна тІехь а, шун кийрара а, шун хьайбанех а, шун лаьтта тІера а схьадаьллачунна тІехь а тІех дукха кхиамаш хуьлуьйтур бу. ХІунда аьлча Веза Эла, шуна дика а деш, шух юха а воккхавийр ву, шун дайх воккхавеш ма-хиллара. Иза иштта хир ду, нагахь санна шайн Везачу Делан озе аша ладогІахь, кху товрат-хьехаман тептар тІехь дІаяздина долу Цуьнан весеташ а, парзаш а лардарца, нагахь санна шайн доллучу дагца, доллучу синца шайн Везачу Далла шу тІедерзахь». КхидІа ЮшаІа элира: «Везачу Элах кхера а кхоьруш, цІена а, даггара а Цунна Іамал е. Эпрат-хил дехьа а, Мисарахь а Іачу хенахь шайн дайша Іамал йина деланаш дІа а тасий, Везачу Элана бен Іамал ма е. «Делахь, шайн хІинца болу хийра деланаш дІа а тасий, шайн дегнаш Везачу Элана, исраилхойн Далла, тІедерзаде», – элира ЮшаІа. Исраилан халкъ, Везачу Элана тІаьхьара дІа а даьлла, БаІал а, Іаштарт а цІераш йолчу харцделанашна тІаьхьахІиттира. Ткъа нагахь шаьш йийсаре дигначу оцу мостагІийн махкахь, уьш шайн цІеначу даггара Хьуна тІебирзина, Ахьа шайн дайшна деллачу лаьттехьа а, Айхьа хаьржинчу гІалехьа а, Хьан цІе язъян ас дІахІотийначу Хьан цІенна а тІе а бирзина, цара доІанаш дахь, Делахь а, хьох диканиг доллуш а карийна Цунна, хІунда аьлча, ЯхІуд-махкара Ашера-далла лерина долу дечиган бІогІамаш дІа а даьхна, хьайн дог Дела лахарна тІедерзийна ахьа». Ткъа Хьузакх-ЯхІус царна тІера доІа дира. Цо элира: «Шена хьалха цІанвалаза висинехь а, шен дог шайн дайн Дела волу Веза Эла лахарна тІедерзийна волчу хІоранна а дика волчу Везачу Эло гечдойла!» Иза иштта хилира, хІунда аьлча цо шен дог Везачу Элан товрат-хьехамаш Іаморна а, уьш кхочушбарна а, иштта Исраилан халкъана цуьнан парзаш а, тІедехкинарш а хьехарна а тІедерзийнера. Іесачо шен некъ буьтийла, ткъа къинош летийначо – шен ойланаш. Везачу Элана тІевоьрзийла иза – Цо цунах къинхетам бийр бу – Вайн Далла тІе, хІунда аьлча Цо комаьршаллица нахана гечдийр ду. Амма Везачу Эло хІинца а боху: «ТІедерза Суна цІеначу даггара шаьш кхобучу мархица, дечу белхарца, тийжарца. Бедарш а ца этІош, шайн дегнаш этІаде». ТІедерза шайн Везачу Далла! Иза дика ойла йолуш а, къинхетаме а ву. Иза атта оьгІаз а ца воьдуш, ткъа боккха безам болуш ву. Шена цхьанна бохам бан дагадеача, Иза сихха дохковолу. Іийсас элира: «ДІадала Суна уллора, иблис! Делан Йозанаш тІехь яздина ду: „Хьайн Везачу Далла бен ма де Іибадат, Цунна бен гІуллакх а ма де!“» Амма Іийсас элира: «Яздина ду: „Везачу Далла бен ма де Іибадат, Цунна бен гІуллакх а ма де!“»
Выбор основного перевода