Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Іуьйранна хьалххе хьалагІаьттина, ша дІавуьжуш коьрта кІел биллина тІулг ирхберзийна дІахІоттийра цо. Цу тІе даьтта а доьттина, и тІулг Далла лерина битира Якъуба. Якъуба Дала шеца къамел динчу метте боккха тІулг хІоттийра. Цу тІе Далла лерина чагІар а, даьтта а доьттира цо. Бартбаран тІорказ эцна боьлху динан дай лаьттинчу метте, Йордан-хина юккъе, кхин шийтта тІулг хІоттийра ЮшаІа. И тІулгаш хІинца а ду цигахь. Дала тІедиллинарг яздинчу тептар тІе и дерриг а дІаяздира ЮшаІа. Юха боккха тІулг, схьа а эцна, Везачу Элан цІенна уллохь лаьттачу ножана кІел охьабиллира цо. ТІаккха Шамъал массо а исраилхошка наггахь вистхуьлура. Цу заманчохь исраилхой пІелаштамхошна дуьхьал тІом бан арабевлла хилла. Исраилхойн меттамотт Абани-Іазарна генахь боццуш лаьтташ хилла, ткъа пІелаштамхой Апакх олучу гІалина уллохь севцина.
Выбор основного перевода