Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Деза тІорказ, гун тІехь лаьттачу Абинадабан цІа чуьра схьа а эцна, керлачу гІудалкхана тІе охьа а хІоттийна, схьадеара. Ткъа Абинадабан кІентий Іузий, Ахьъюй и гІудалкх лелош вара. Абинадабан цІа чуьра арадаьккхина долу Делан деза тІорказ гІудалкхана тІедиллира. Цу гІудалкхана хьалхаваьлла Ахьъю вара. Иштта Дауда схьагулбира массо а исраилхой, Мисар-махкана уллохь долчу Шихьор-хина тІера къилбаседехьа йолчу Хьамат-Іинна тІе кхаччалц, Кхиръят-ЯІаримера Делан тІорказ схьадархьама. Дауд а, цуьнца долу дерриг а Исраилан халкъ а ЯхІуд-махкарчу БаІала-гІала (и ю Кхиръят-ЯІарим-гІала) дахара, Делан тІорказ цигара схьадан. (Цу тІорказца йоьзна ю Везачу Элан цІе. ТІорказан негІар тІехь дина дІахІоттийна дашо ши каруб-малик ду. Царна тІехула ю Везачу Элан меттиг.)
Выбор основного перевода