Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Исраилхой схьагулбелира Везачу Элана хьалха МицІпа-гІалахь. Дан-гІалара дуьйна Беар-ШабаІе кхаччалц болчу берриг а Исраилан махкара схьагулделлера адам. ГалІадара Исраилан халкъ а деанера кхуза. ШолгІачу дийнахь адам, Іуьйранна хьалххехь хьала а гІаьттина, сагІа доккху меттиг кечъян дІахІоьттира. Цара Везачу Элана дийнаташ дагоран а, бертан а сагІанаш дохура. Іуьйранна хьала а гІаьттина, Далла корта а тоьхна, уьш шайн цІа долчу Раме юхабахара. Элкхан шен зудчуьнца дІавижинчул тІаьхьа Дала Хьанатан дехар Шена дагадаийтира. Шамъала элира: «Массо а исраилхой МицІпа-гІалахь схьагулбе. Аса Везачу Эле сайн доІанна тІехь шу доьхур ду». Шамъална ца дезаделира цара шега паччахь дІахІоттаве алар. ТІаккха иза Везачу Эле доІа дан хІоьттира. Шаула Везачу Элана сагІа даккха меттиг кечйира. Иза яра цо дуьххьара кечйина йолу сагІа доккху меттиг.
Выбор основного перевода